Студопедия

КАТЕГОРИИ:

АвтоАвтоматизацияАрхитектураАстрономияАудитБиологияБухгалтерияВоенное делоГенетикаГеографияГеологияГосударствоДомЖурналистика и СМИИзобретательствоИностранные языкиИнформатикаИскусствоИсторияКомпьютерыКулинарияКультураЛексикологияЛитератураЛогикаМаркетингМатематикаМашиностроениеМедицинаМенеджментМеталлы и СваркаМеханикаМузыкаНаселениеОбразованиеОхрана безопасности жизниОхрана ТрудаПедагогикаПолитикаПравоПриборостроениеПрограммированиеПроизводствоПромышленностьПсихологияРадиоРегилияСвязьСоциологияСпортСтандартизацияСтроительствоТехнологииТорговляТуризмФизикаФизиологияФилософияФинансыХимияХозяйствоЦеннообразованиеЧерчениеЭкологияЭконометрикаЭкономикаЭлектроникаЮриспунденкция

К1арлаг1а» бохучу дешнийн маь1на.




нохчийн гIиллакх хилла кIарлагIа хIоттош а. Иза а иштта доккха зулам динчунна наьIалт олуш, хIорамма а цхьацца тIулг а кхуссуш, хIоттош тIулгийн барз хилла. Нислуш хилла шена хIоттийначо и барз, буса вогIий (я цуьнан гергарчу наха), дIасакхуссуш а. Амма Iуьйранна наха юха а дIахIоттош хилла иза, уллохула тIех вол-волучо наьIалтаца тIулг а кхуссуш. И тайпа кIарлагIаш хIиттаялла даккхий зуламаш лоруш хилла халкъо: маьрша (бехк боцуш) стаг вер, дуй къарбар, зудчун сий дайар, осала лелар, тIехь стом лато дитт хадор…

29.Муха лерам беш хилла нохчаша хьешан.    Хьаша нохчаша генара мел хили чIогIа лоруш хилла, кхечу къомах хилча-м муххале а. «Мехкан воцу хьаша», — иштта йоккхуш хилла генара веанчун цIе. Иза ларвар, Iалашвар, цуьнан хьаште хьажар — иза тIевоьссинчу хIусаман ден хилла ца Iаш, оцу ерриг юьртан а гIуллакх хилла. ХIунда аьлча, мехкан воцчу хьешана тIе, лар ца веш, цхьа бохам кхачийтича, ерриге юьртана а иэхь хилла. Хьешан йозалла гойтуш, цкъа мацах вайн ламчохь хилла хIара бакъдерг. Пхьа хьаьрчина цхьа стаг хилла ламчу веъна. Лорах баьхкина чIирхой тIаьхьакхиъна, цара тIом а бина, и пхьа хьаьрчинарг тIевоьссинчу хIусамден кIант вийна. ХIусамдас аьлла: «Хьаша ларвар шен декхар ду, хIокху сан хьешо вийначунна дуьхьал дIалара шаьш вийна кIант». Иштта чIирах хьалхавитина хIусамдас шен хьаша.Къаьмнаш къастош доцуш тосуш хилла нохчаша доттагIалла. Иштта, вайн иллешкахь вуьйцу хийла ваша воцу цхьалха кIант шена доттагIа лаца аравалар а, иза кхечу къомах волчу стагана тIевоссар а.

30.Оьздангалла бохучу дешан маь1на. Оьздангалла — иза кхечу садолчу хIумнийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш а ю. Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац — бусалба дин, ислам.

 










Последнее изменение этой страницы: 2018-04-12; просмотров: 373.

stydopedya.ru не претендует на авторское право материалов, которые вылажены, но предоставляет бесплатный доступ к ним. В случае нарушения авторского права или персональных данных напишите сюда...