Студопедия

КАТЕГОРИИ:

АвтоАвтоматизацияАрхитектураАстрономияАудитБиологияБухгалтерияВоенное делоГенетикаГеографияГеологияГосударствоДомЖурналистика и СМИИзобретательствоИностранные языкиИнформатикаИскусствоИсторияКомпьютерыКулинарияКультураЛексикологияЛитератураЛогикаМаркетингМатематикаМашиностроениеМедицинаМенеджментМеталлы и СваркаМеханикаМузыкаНаселениеОбразованиеОхрана безопасности жизниОхрана ТрудаПедагогикаПолитикаПравоПриборостроениеПрограммированиеПроизводствоПромышленностьПсихологияРадиоРегилияСвязьСоциологияСпортСтандартизацияСтроительствоТехнологииТорговляТуризмФизикаФизиологияФилософияФинансыХимияХозяйствоЦеннообразованиеЧерчениеЭкологияЭконометрикаЭкономикаЭлектроникаЮриспунденкция

Дийца г1урбанан маь1нех лаций.




20.Х1ун маь1на хилла «харш тосу де» бохучу ц1айн. Лаьтта тIехь хьанала къахьегар нахана марздеш, цуьнан мах беза буйла хоуьйтуш, тайп-тайпана дезденош —цIайшхилла вайнехан. Царах цхьаъ ду харш тосу де. Иза Iай, бIаьстей къаьстинчул (март беттан 23 де чекхдаьлчул) тIаьхьа ши кIира даьлча билгалдоккхуш хилла. Оцу дийне хьаьжжина хир ду шеран ялта а, тIедогIу шо а бохуш, чIогIа лерина кечам беш хилла цунна. Хьалххе кечдеш хилла дуьххьара харш тосуш, бIал боккхуш дIадаха деза стерчий — дузош, цIандеш, церан маIийн баххех хьакхар хьокхуш, довхачу хица лийчош. Иштта лерина кечдеш хилла нох а.И де — арара ло дерриге дешна далаза, шийла хилахь а, я малх кхетта, якъаелла, йовха хилахь а, — йочане-йоькхане хьаьжна доцуш, билгалдоккхуш хилла. Гота дIайолош, стерчийн юьхь лаьцна дIаваха веза стаг юьртахь шен оьздангаллица, хьанал вахарца, гIиллакхца, бусалба динехь доьзал кхиош хиларца къастош хилла, юьртахойх массо а реза а волуш. Иза доккха, сийлахь хIума а хилла. Хаьржинчу стага сту буьйш хилла юьртана хиндолчу ялтина а, шен доьзална а тIера сагIийна. Харш тосу де я бIал тIекIел боккху де — цIай хиларе терра, оцу дийнахь тайп-тайпана къийсадаларш хуьлуш хилла, говраш хохкуш, я хьалха бовларех бовдуш (бовдуш болу кегий нах когаш Iуьйра хилла), я кхин тайпа хьуьнарш гойтуш.

21.Х1ун чулацам бу масла1ат бохучу дешан.                                       МаслаIат — вайн нохчийн дахарехь уггаре а мехалчу гIиллакхех цхьаъ а, муьлхха а Iоттабаккхам, дов, тIом дIаберзо ницкъ болу барт баран кеп а ю. Дов-тIом, чIир дукха гена ца йолуш, дIайоьрзуш меттиг дукха хилла, нехан ийгIина барт метта а хIоттош, нахана юкъахь маслаIат а деш, беркате къахьоьгуш маслаIатан дай вайн махкахь бахарна. Хиллачу девне хьаьжжина хуьлуш хилла маслаIат даран некъаш а. Амма коьрта цхьаъ ду муьлххачу а маслаIатехь — ший а агIо вовшашна дуьхь-дуьхьал ян еза. Нагахь вовшашна йина чов а йоцуш, къевсина хIума делахь (масала, латта), иза шинна а хетачунна юккъерниг къастош, дерзош хилла. Нагахь вийна стаг а волуш, маслаIат дан гIерташ хилча, уггар хьалха ден дехар куьг бехке боцурш маьрша битар хуьлу. Динчу зуламе хьаьжжина хуьлу маслаIат. Цхьадолу дов, ши стаг къинтIера а ваьккхина, куьйге вахийтичхьана дIадоьрзуш хилла. Кхидерг, масала, цхьанна дина къола гучудаьллехь, шегара зулам даьллачу стага а, цуьнан гергарчу наха а боккха там бала безаш хилла.

22.Нохчийн 1адатехь ч1ир эцар нийса жог1ий шар1аца.            стеган дахар хадош болу бекхам, дукха хьолахь, шена цо зулам динчу стага беш хилла. Цунах нохчаша чIиролу. Нохчийн юкъараллин дахарехь доккха маьIна лелийна оцу Iадато. Юкъараллехь хуьлу Iоттабаккхамаш дукха гена ца бовлуьйтуш, юкъаметтигийн терза нисдина латтийна цо адамийн. ЧIиран зулам дехкаран ницкъ, коьрта долчунна, иза мацца а кхочушхирг хиларх тешарехь бу. чIир мухха а, миччахь а оьцуш ца хилла. Иза а шен Iадат долуш, шен бакъонаш йолуш хилла. Масала, стаг виэн магош ца хилла могаш воцуш, ламаз тIехь лаьтташ, хIума юучу хенахь… шарIо магош дац куьг бехкениг бен виэн; дас стаг вийна аьлла, цуьнан кIант вер – иза доккха зулам ду, иза бехк боцу маьрша стаг вер ду. И иштта доллушехь, хIинца а нохчийн къомана юкъахь дехаш ду и тайпа Iадат. КIант-м хьовха, шича, тайпанан хьалхе ерг, куьг бехкечун шича-маьхчаллехь бен воццушехь, уггаре тоьлашха верг вуьйш нисло вайнахана юкъахь. Нисло, куьг бехкениг дийна воллушехь, иза а ца вуьйш (нагахь молуш, харцахьа лелаш, ледара стаг велахь, иза шайн вийначун мехе кхочуш вац олий), цуьнан гергарчарах наха уггаре а чIогIа лоруш верг вуьйш.

23.Муьлха т1е1аткхаш ду нохчийчохь. Нохчийчохь баьхначу эвлаяаша даржош ши тIерекъат хилла – Накъашбанди тIерекъат а, Къадари тIерекъат а.Накъашбанди тIерекъат («некъ») юкъадаьккхинарг лоруш ву Хаваж-Баудди Накъашбанди (вина 1314 ш., кхелхина 1389 ш.). Амма и тIерекъат, цуьнан цIарах делахь а, Iеламнаха иза юкъадалар дузу Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьабаца Абубакар-Сиддикъца – Дела реза хуьлда цунна.

Цунна тIера таханлерчу дийне схьайогIу Накъашбанди тIерекъат даржийначу эвлаяийн силсил ялайо цхьаболчу Iеламнаха шайнIилманан белхашкахь (масала, ДегIастанарчу устазан Джамал-Эддинан «Адибуль-Марзил» цIе йолчу жайни тIехь). Къадари тIерекъат къаьсташ ду Накъашбанди тIерекъатах Дела хьахор, Далла Iамал яр чIогIа, хозуьйтуш хиларца, ткъа иштта чехкачу (чIагаречу) зикаршца а. Оцу тIерекъатан цIе БагIдадехь ваьхначу воккхачу Iеламстеган Iабдул-Къедар ал-Гиланица йоьзна ю (вина 1077 ш., кхелхина 1166 ш.). Амма, Iеламнаха дийцарехь, Къадари тIерекъат юкъадалар доьзна ду Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьабан шолгIачу халифан Iумаран – Дела реза хуьлда цунна – цIарца; кхечу Iеламнаха дийцарехь, и тIерекъат юкъадаьккхинарг Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьаб, воьалгIа халиф Iела – Дела реза хуьлда цунна – хилла.

Къадари тIерекъат Нохчийчохь, ткъа иштта ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьара юкъадаьккхинарг Иласхан-Юьртара Кишин воI Кунта-Хьаьжа ву.

24.Дийца ийманан маь1нех лаций. Ийман -Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. Цул тIаьхьа стеган дерриге а дахар Дела реза варна а, шена ялсамани яккхарна а тIехьажийна хила деза, Дала де бохург дан а деш, ма де бохург дита а дуьтуш.

Стеган синъоьздангалла, лаккхарчу тIегIане йолуш, кхуьу, цуьнан ийман чIагIдаларца цхьаьна. Ткъа ийманан ялх бIогIам бу:

1.       АллахIах тешар. Иза волуш хиларх а, Шена гIуллакх дан а, Шега кхайкха а хьакъ долуш хиларх а, массо хIуманна тIехь куьйгалла деш Иза ша цхьаъ хиларх а тешар.

2.       Делан маликех тешар (серлонах Дала кхоьллина, Цунна гIуллакх дийраш).

3.       Делан жайнех тешар (Товрат, Инжил, Забур, Къуръан – дезчу жайнех уггаре а дезаниг).

4.       Делан элчанех тешар (царах тIаьххьарниг – Мухьаммад, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, пайхамарийн мухIар).

5.       Къематдийнах тешар (Хьесапан де. Цу дийнахь адамашна тIехь, церан гIуллакхашка хьаьжжина, кхиэл йийр ю, хIоранна а цунна хьакъдолу совгIат я таIзар а деш).

6.       Дерриге хIума – вуон а, дика а – Делан пурбанца хиларх тешар. Далла хастам а беш, тIеэца деза хила доьгIнарг: иза – вуон делахь а, дика делахь а, хьуна товш делахь а, дацахь а, – АллахIа яздина ду.

Массо а бусалба стаг тешна хила веза вуон а, дика а АллахIера, Цунна хууш а, Цуьнан лаамца а хиларх.

25.Синц1еналлин лакхене муха кхача веза бусулба стаг. Шена тIеIитталучу зерех Дала ма-бохху, Къуръано а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисаша а ма-хьоьхху чекхвала гIертарца кхочу стаг синцIеналле. Оцу лакхене боьдучу некъан масех тIегIа ду. Царах уггаре а хьалхарниг боккъал а Делах тешар – ийман ду. Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. СинцIеналле стаг вуьгучу некъан шолгIа тIегIа ду муьтIахьалла. Шен дахаран дерриге а гIуллакхаш тIехь шен лаамехь, маьрша хилар дита а дуьтий, стаг АллахIна муьтIахь хиларе волу. СинцIеналле боьдучу некъан кхоалгIа тIегIа ду Делах кхерар. Иза Дала шена тIедехкина декхарш муха кхочушдина а, ша мел аьллачу дашах а, мел динчу гIуллакхах а Дала шега хоттург хиларх стаг доггах тешар ду. Стеган синцIеналле боьдучу некъан лаккхара тIегIа ихьсан ду. Иза стага шен массо а гIуллакх даггара кхочушдар ду, Далла ша гуш вуйла а хууш. Цуьнан маьIна ду адаман лаамаш а, сатийсамаш а Делан лаамца богIуш хила беза бохург. Стаг АллахIна дезарг дезаш а, АллахIна цадезарг ца дезаш а хила веза.

26.Муха хилла нохчийчохь баьхначу устазийн оьздангаллийн сурт-сибат. Уггар хьалха билгалдаккха деза Нохчийчохь баьхначу устазийн дерриге а дахар кхечу нахана масал хилла хилар.Дуьненан хIуманах Iехабалар доцуш, шайн догIмийн лаамийн гуо гатбина, боккху ког, туху куьг, олу дош, доьIу са Дала бохучуьнца нисдина бехаш нах хилла уьш… Цундела хилла царна тIаьхьа хIиттина мурдаш, цаьрца тобанаш а деш, царах шайна оьздангаллин хехой а беш.

Шайн Делаца йолу зIе чIагIъеш, дегIан лаамаш гIелбан халбата (Iаьрбийн маттахь «халват») ховшуш хилла уьш – цхьана тоьли чу а хуий, къуьданан серлонехь Къуръан, жайнаш доьшуш, юучу хIуманах а, хих а ца валлал биэн пайда а ца оьцуш, Далла Iамал еш хан яккхар ду иза. Иштта шен дегIан лаамаш а, Делан некъах шен ойла йохо гIерта шайтIа а къардеш, хилла цхьаболчуIеламнаха. Амма и хан дIаяларх а чекхдолуш ца хилла церан халбаталла. Иза цаьрца гуттар а хилла: сов бахам ца гулбеш, сов рицкъанах пайда ца оьцуш, сов дош ца олуш, хьажо ца безачу бIаьрг ца хьажош, хаза ца дезачунна шайн лерг къардина – шайн сица гуттар а халбатахь хилла уьш.

Шайн синкхачин ойла яр дукха долуш, дегIан кхачанах ца бевлла бен пайда ца эцна цара. Иштта, Девкар-Эвлара Докка-шайх, юучу хIуманах пайдаэцар кIезиг хиларна, корта хьалаайбина ца латталуш, вортан тIе зоьпар тоьхна хилла боху. Хьарам-хьанал чIогIа къастош хилла устазаша. Иштта, Кунта-Хьаьжех лаьцна дуьйцу, цо шена гIо дан баьхкинчу мурдаша асар дина хьаьжкIаш билгал а йина, шена царах пайда ца оьцуш, сагIийна дIаелла бохуш. Ша къахьегна даьккхинчу рицкъех бен пайда оьцуш ца хилла Хьаьжас. Шайна тIаьхьа базабелла мурдаш Далла Iамал ян Iамийна ца Iаш, Iер-дахарна а, хьанал къахьегарна а Iамош хилла устазаша. Шаьш кIорггера Iилма долуш Iеламнах хиларе терра, оцу эвлаяийн гIуллакхаш а, хьехамаш а Делан дашца – Къуръанций, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – Сунниций нийса догIуш а, церан буха тIехь а хилла.

27.Маса б1огам бу бусулба динан.Дуьненчохь мел долчу къаьмнийн гIиллакхех дика дерг, адаман сина а, дегIана а пайде дерг чулоцуш, оьздангаллин уггаре а лекха лакхе ислам ду, Делера лаьтта доьссина бакъ дин ша хиларе терра. Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: ислам пхеа бIогIам тIехь лаьтташ ду:

1.       Тоьшалла дар: «Ас тоьшалла до АллахI воцург кхин Дела цахиларна, Мухьаммад АллахIа ваийтина пайхамар хиларна а».

(Боккъал а шена Iамал ян хьакъверг цхьа АллахI ву; Мухьаммад-пайхамара АллахIан цIарах дийцинчух шек хила йиш а яц).

2.       Ламаз дар. Ламаз дечу хенахь массо а цунна бан беза кечам бина хила веза, ша стаг синтеме а, ойла Далла тIеерзийна а хила веза.

3.       Закат далар. Бусалба стага закат ло и дала хьакъ долчу даьхни тIера шарахь цкъа. Цуьнан барам: 85 грамм дешина я оццу меха даьхнина тIера – 2,5 процент.

4.       Рамазанан баттахь марха кхабар. Малх схьакхетча, и чубуззалц хIума ца юууш, ца молуш, я кхечу тайпана кийра кхача ца кхачош Iар.

5.       Макка ХьаьжицIа вахар, нагахь цига ваха ницкъ кхачахь.










Последнее изменение этой страницы: 2018-04-12; просмотров: 309.

stydopedya.ru не претендует на авторское право материалов, которые вылажены, но предоставляет бесплатный доступ к ним. В случае нарушения авторского права или персональных данных напишите сюда...